Европехь а, кхечу мехкашкахь а хьалакхиъначу чкъурах нохчийн йукъараллехь кест-кеста олуш хеза "йайна тIаьхье". ТIеман хенахь шайн берийн маьрша кхане хилийта Iалашонца даймохк дIатесначу доьзалера бераш ду уьш. Тахана уьш кхиамца интеграци а йина дозанал арахьа беха, амма дукха хьолахь шайн кхане Нохчийчоьнца бен йозуш йац цара. Тхан сайто цаьрца къамел дира хийрачу махкахь долчу церан дахарх а, царна шайн меттиг карорх а, шайн къоман башхалла ларъйарх а лаьцна.
Интернетан республикерчу сегментехь кест-кеста дийцаре до "дерриг а нохчийн халкъ йуьхьӀаьржа хӀотторна" бехкебечу кегийрхойх лаьцна дийцарш. Цу кепара, онда гIовгIа эккхийтира 2020-чу шарахь Бела Бах Бундестаган декъашхо харжар бахьана долуш я вежарша ДулатовгӀара дуьненан подиумашкахь кхиамаш бахар бахьана долуш. Цара нохчийн Iадаташ а, нахана йукъахь леларан кеп а йохийна, шайн ламасташна "йамартло" йина а бохуш, бехкаш дехира цаьргара. Амма Европехь кхиъначу, тхан сайтаца къамел динчара бакъ ца до "йайна тIаьхье" аьлла, шайх йахна цIе. Церан зеделларг ду – шина култури йуккъехь шайн меттиг лахар а, нохчаллех ца хадар а.
Ахметова Карина, 23 шо, Белги
– Тхан доьзал цIера болучу заманчохь, сан ворхӀ шо бен дацара. Суна дагадогӀу, кара жима тӀоьрмиг а лаьцна со лаьтташ. Цу чохь ас школехь хьалхарчу классехь доьшуш йолчу хенахь коьртахь лелийна йовлакх дара, ткъа автобусан корашна арахьара дитташ а, цӀенош а меллаша дӀасалелачух тера дара. ХIетахь со ца кхетара, хӀара керлачу дахаран йуьхь хиларх.
Йуьхьанца дерриг а хийра дара – мотт, хьожа, ур-атталла адамийн къежар а цхьаьна. Амма хенан йохалла хийра латта гергара хийтира суна. Кхузахь доттагӀий хилира сан, кхузахь акцент йоцуш йелайала а, керлачу кепара сатийса а Ӏемира суна.
Со доьшуш а, болх беш а йу, ткъа иштта юкъараллин гӀуллакхаш а леладо ас, волонтерийн болх а бо – уьш митингаш, пикеташ, конференцеш йу. Со санна, дагчохь ши цӀа латтош болчу нахаца цхьаьнакхетарш а хуьлу сан.
Даймахках дӀакъастаро гонах долчу массо а хIуманийн леррина тидам бан Iамийна со. Ас ларйо цу дуьненан хӀора меже: нанас лекхна илли, лаьмнийн сурт. Уьш сан тIадамаш ду.
Тхо йайна тIаьхье йац – тхо тIайш ду
Йуьхьанца, керлачу низамашна йукъахь дийна йиса гӀертара со, тӀаккха царех кхета, хӀинца сайгара а цхьа хӀума кху дуьненчу дало йиш йу сан. Шина културин суо цхьа дакъа хета суна. Тхайн цӀахь буьйцу оха тхешан нохчийн мотт – бовха, хьоме, дIадийца йиш йоцчу басарех буьзна. Цхьа наггахь, оьрсийн мотт йукъабалош къамел до, ткъа чуьра араваьллачул тIаьхьа – кхин мотт, белхан а, ураман а.
ХӀаъ, тхайн кхерчахь чӀепалгаш дина йа нохчийн чорпа йина хьожа кхетча, со бералле йухайоьрзуш санна хета суна. Деза денош билгалдоху оха, тхайн цIера гергарчнаш дага а лоьцуш.
ТӀеман тӀаьхье - йайна йу аьлла, суна ца хета. Тхо дайна дац – тхо тӀайш ду. Оха дуьненаш вовшахтуху, ткъа иза хила а тарло тхан мисси.
Даима а сахьийза сан. Цкъацкъа цIа йухаяха лаьа суна, цхьана ханна мукъане а – цу урамашкахула лела, цӀийнан лами тIехь охьахаа. Амма цкъачунна дахаро латтайо со кхузахь. Суна уггаре а коьртаниг – со мичара схьайаьлла дагахь латтор ду. Сайн мотт бийцар. Ламасташ лардар. Цкъа а сайн орамех эхь ца хетар, гонаха дерриге а кхечу кепара делахь а. ХӀаъ, сан мотт, сан амалш, сан иэс – и дерриге а суна чохь дехаш ду. Соьга дIа ца тасало и, цо со а дIа ца хоьцу.
Масех шо хьалха Даймахкахь хилла со. ХӀетахь дуьйна сайн гергарчу нахаца кест-кеста вовшашка телефонаш тухуш, вовшашна суьрташ а, аудиош а кхоьхьуьйту оха. Цкъацкъа гергарчара аьллачу цхьана дашо малхо лучул а чӀогӀа йовхо ло хьуна.
Сих-сиха гӀенах го суна бераллехь хилла тхешан цIа. ГӀенах го суна, уьйтIахула когаш Iуьйра суо уьдуш, нанас пхьор даа кхойкхуш хеза, керлачу бепиган хьожа хаало суна тIаккха. Самайолу - кхета со, и гӀенаш даймахкара кегий совгӀаташ ду олий.
Сулейманова Фатима, 28 шо, Франци
– Тхо Нохчийчуьра дӀадоьлхучу хенахь сан ши шо дара. Ткъа тхо Франце дехьадевлча, сан исс шо дара. Цул хьалха дахар паргIат дацара - хаддаза цхьанхьара вукхунхьа дIасалелаш. Францехь дIатардала а тхуна ши шо ийшира. Цундела, ала мегар дара, йалхолгIачу классехь бен ца йолайелира со деша, школаш а ца хуьйцуш, урокашна йукъара а ца йуьйлуш.
ХӀетахь со жима хиллехь а, хетарехь, сихха интеграци йан тарлуш дара аьлла хетахь а, суна чӀогӀа хала дара. Цкъа делахь, синкхетамца, хӀунда аьлча, со кхетара сан дас-нанас хӀун лайна а, тхан дахар даима а кхерамехь хиларх а. ШолгӀа делахь, хала дара суна деша а, доттагӀий лаха а. Школехь хьийзайора со иттолгIачу классе йаллалц. Коьртачу декъана сан куц-кеп бахьана долуш дара и: кхечара санна духар ца леладора ас, жимчохь дуьйна оьзда духар лелош йара со. Иштта сан башхачу дахаран кепах доьзна дара и со хьийзор – сан ойланаш а царех къаьсташ йара, цара санна къамел ца дора, лелар а кхечу кепара дара сана.
Интеграци йан хьалхарчу шерашкахь суна къасттина хала дара, амма тахана дерриг а кхечу кепара ду – кхузахь хӀинца сайн цӀахь санна хета суна. Сайн ши цIа ду аьлла ойла йу сан: Нохчийчоь а, Франци а.
Сорбонне [деша] некъ а хала бара, хӀунда аьлча, тайп-тайпанчу хьелашца цига 2020-чу шарахь бен ца кхаьчна со, сан 23 шо долуш. Кху аьхка болх беш йара со сайн дипломан балха тIехь- нохчийн политикан ницкъех лаьцна тема йара сан хабржина. Ас схьаоьцур долу диплом "Кхечу къаьмнийн а, регионийн а меттанаш, литератураш а, цивилизациш а" программин магистр аьлла хир ду. Ишта – славяноведени: оьрсийн Ӏилма а, оьрсийн меттанийн Ӏилма а.
Сорбоннехь хӀокху пхеа шарахь ас даима а нохчийн гӀуллакх айдора, хӀоразза а тхуна балхана тема харжа маршо йелча.
Политиках дерг аьлча, 2017-чу шарахь сан дас [Сулейманов Джамбулата] Францехь "Барт-Маршо" цӀе йолу нохчийн юкъараллин-политикан вовшахтохаралла кхоьллира. ХӀетахь со административан гӀуллакхашца а, гочдаршца а бен болх беш йацара. Ткъа 2022-чу шарахь дуьйна, Украинехь тӀом болабелча, Сорбоннехь шолгӀачу курсехь доьшуш йолуш, ас сацам бира нохчийн гӀуллакх дӀакхайкхорехь жигара дакъалаца, хӀунда аьлча, со дукха хенахь дуьйна кхеташ йара, сан даймохк дӀалаьцначу хенахь, со ишта ледара Ӏен йиш йоцийла.
Суна гуш дара, баккхийнаш дуккха а шерашкахь тхан махкана къахьоьгуш хилар, амма церан дешнаш а, цара лелориг а Малхбузене дIа ца кхочура. Ткъа ас ойла йора: "Со муха Ӏийр йу вист ца хуьлуш, хӀумма а ца деш, нагахь санна со Францехь кхиъна а, дешна а йолуш, Нохчийчоьнах долу бакъдерг Малхбузерчу аудиторе дӀакхачо йиш йолуш хилча?"
Нохчийн са талла деза, масална хила а деза
Сан Ӏалашо вуно къеггина йу: йа оьрсаша а, я кхечу цхьаммо а кхин нохчийн цӀарах дош эр дац - вай вешан цӀарах дуьйцур ду дIахьедан луург. Тахана со нохчийн къоман маршонан "Цхьаьнакхетта ницкъ" боламан векал йу, дуьненаюкъарчу платформашкахь нохчийн хаттар айдеш лелаш а йу.
Доьзалехь нохчийн маттахь къамел до оха, нанас нохчийн кхачанаш кечбо, нохчийн деза денош а даздо оха. Амма аса шера буьйцу францхойн мотт а, иза ас сайн шолгӀа ненан мотт лору. Коьртачу декъана оьрсийн маттахь йолчу телеканалашкахула Ӏамийна ас оьрсийн мотт - тахана ас сайн корматаллин гӀуллакхехь пайдаоьцу цунах. Иштта ингалсан маттах кхеташ йу со, цу маттахь къамел дан а йиш йолуш йу со.
Суна чӀогӀа халахета Нохчийчохь цхьаболчара шайн даймахкана арахьа кхиъна болу нохчийн кегийрхой "йайна тӀаьхье" лоруш хиларна. И мохк дIалаьцна хиларна церан бистхила йиш цахиларх, йа шайна хеттарг дан бакъо ца хиларх, тхо кхета ма кхетий.
Нохчийчохь кхиъна кегийрхой шайн безачарна гергахь бехаш бу, амма башха перспективаш йац церан, хӀунда аьлча, уьш оккупацина кӀел бехаш бу. Ткъа дозанал арахьа кхиъна кегийрхой, даймахках хаьдда, амма аьттонаш алсам бу церан. ХӀора хьолан шен дика а, вон а агӀонаш йу.
Тхуна, Европехь кхиъначу чкъурана, хала дара шина културана йуккъехь тхешан меттиг каро. Амма дерриге а тидаме а оьцуш, тхан аьтто белира тхайн башхалла ларъйан а, тхо тӀеэцначу пачхьалкхехь интеграци йан а. Европехь бехачу нохчийн кегирхошна шайн даймахкаца, цуьнан историца, култураца чӀогӀа шовкъ йу, и дерриг а кхузахь жигара дӀакхайкхош, цуьнца иза лардеш, кхечарна иза довзуьйтуш.
Вай кхеташ хила деза, шайн даймахкахь кхиъначу нохчех тхо мел а къаьсташ хир дуйла. Амма иза цхьаннан а бехк бац - карарчу хенахь долчу хьоло хийцамаш ларамаза бина. Ткъа хӀара йа дика а, йа вон а дац - иза дерг ду.
Тхо, Европехь кхиъна бераш, боккха аьтто бу Нохчийчоьнна а, дерриг а дуьненна а йукъахь тӀай тилла. Масала, со Нохчийчу юхайоьрзур йу, амма Нохчийчоьнна а, Францина а йуккъехь йехар йу со. Ас дерриг а дийр ду и ши пачхьалкх вовшашна йовзийта а, царна йукъахь зӀенаш хилийта а. Ткъа хӀинца муха ду, Нохчийчоь оьрсийн пропагандин клишешкахула гойтуш йу, ишта хила ца деза.
Вайн башхалла ларйеш, кхузаманан дуьненан дакъа хилар доккха беркат хир ду шаьш нохчашна хилла ца Ӏаш, эххар а вайн шатайпа дуьнене хьежамаш бевзар болчу дуьненна а. Изза дуьнене хьежам бара, [Оьрсийчоьнца хиллачу шина тӀамехь] уггаре а халачу хьелашкахь дийна диса а, вайл дуккха а ницкъ болчу агрессорах ца кхера а аьтто бинарг. Нохчийн са талла а, масална латта а деза.
Ала деза, Нохчийчоь суна гIенах го, со цигахь башха йаьхна йоццушехь. Тахана а гӀенах гира суна. Халахеташ делахь а, бераллехь суна дагайогӀуш йолу Нохчийчоь а, таханалераниг а башхалла йолу ши дуьне ду. Цунна боккха тӀеӀаткъам бина Оьрсийчоьнан оккупацино. Амма вайна дагахь латта деза, нохчий вуно жима халкъ хилар, "уггаре а нуьцкъалчеран низам" дохон доьналла тоьъна долу. Ишта дуьненахь уггар а ницкъ болчу наха кхечарна хоьхуш, амма шаьш дицдеш долчу цивилан дуьненехьа къийсам латтон ницкъ хилларш буй а.
Шидаев Якъуб, 36 шо, Америка
– Со ГӀиргӀазойчохь вина а, кхиъна а ву. Сан 11 шо долуш, сан да а, со а Америке дӀавахара. Бакъдерг аьлча, Iамеркахойн дахарх дIаэн хала дацара суна, со жима хиларна. Со сихха школе деша волавелира, спортаца а чIогIа уьйр йара сан – цхьана дашца аьлча, даима а цхьаъ лелош хуьлура со.
Дехха кхаа шарахь, сан да а, со а цхьаьна Ӏийра, тӀаккха, эххар а, сан ненан а, йишин а аьтто белира тхуна тIе схьайан (оцу йерриге а хенахь ГӀиргӀазойчохь Ӏаш йара и шиъ). ХIаъ, сан чIогIа са хьийзара, сайн доьзалх а, доттагIех хадарна. Амма со кхеташ вара, со хийрачу махка самукъадаккха веана цахиларх, цундела дика деша гӀертара со, дикка спортах а ловзуш.
Доьзалехь вовшашца уьйр латтайо оха тхешан ненан нохчийн маттехула. Дукха хьолахь нохчийн даарш кечдо оха, амма тхо ГIиргIазойчохь Iийна хиларе терра, Азин кхача кечбеш а нисло. Тхаьш миччахь дехаш делахь а, оха даима а даздо вайн ламастан деза денош.
Хийрачу махкахь беха кегийрхой ас ца лору йайна тIаьхье йу аьлла, хӀан-хӀа! Со теша, АллахӀа дерриг латта вайна кхоьллина хиларх, йеккъа цхьа Нохчийчоьнан доза а кхоьллина ца Iаш. Цкъа мацца а Нохчийчу йухавогӀур ву со. Сан да-нана хӀинцале а цӀа дирзина - Америкехьчул а чӀогӀа хазахета царна цигахь, хӀунда аьлча, церан массо а гергара нах цигахь ма буй. Нохчо хилла висархьама, Нохчийчохь ваха оьшуш дац аьлла хета суна. Коьрта ду Нохчийчоь хьоьца цхьаьна хилар. Вай миччахь делахь а, вай вешан къоман векалш хилар дагахь латто деза, вовшашна гӀо дан а деза.
Суна хетарехь, сайн доьзалехь нохчалла латтадало соьга. ТIаьххьара Нохчийчохь нисвелла со 2019-чу шарахь, халахеташ делахь а, ца нисло сан цига кест-кеста вахар. Даим а сайн нахаца зIенехь ву со вуьшта.
Исханова Марет, 23 шо, Австри
– Сан пхи шо долуш со а эцна, сан да-нана Нохчийчуьра дӀадахара. Кхузахь лакхара школа чекхъяьккхина ас, карарчу хенахь Венерчу университетехь пхоьалгӀачу семестрехь доьшу аса. Со цхьана хенахь ши дешар карадерзош йу – юьхьанцарчу классийн хьехархо а, лахарчу классашкахь бусалба динан хьехархо а.
Керлачу пачхьалкхехь интеграци йан хала дацара: керла пачхьалкх тӀеэца йезаш йара аса, со кхузахь, Австрехь, хиларна къаьсттина реза йу со.
Аса сайн ненан мотт буьйцу, иштта немцойн а, ингалсан а меттанаш а хаьа, жимма италхойн мотт Iамийна аса. Суна чӀогӀа хазахетара вайн нохчийн даарш: цӀахь оха дукхахдерг къоман кхачанаш кечбо, хӀаъ, Рамадан а, кхин долу ламастан дезденаш а даздо оха. Суна хаьа, вайн кегийрхошна "йайна тIаьхье" аьлла, цӀе тиллина хиларх. Халахеташ делахь а, цхьа наггахь бакъ хуьлу и, цхьаболчара шайн мотт, йа гӀиллакхаш дицдо, амма со и ца хилийта гӀерта
Сайн дукхахболу гергара наха суна цкъа а гина а бац
ХӀаъ, даймахкана чӀогӀа сагатло сан, амма со цигахь йехар йу аьлла, сурт а ца хIоттало соьга, цигара йада дезар дара сан.
Къоман шатайпаналла кхаа бӀогӀамна тӀехь лаьтташ йу – мотт, ламаст, култура. Цунна реза йу со. Амма суна хетарехь, масех мотт бийца хууш хилар а дика ду.
2004-чу шарахь тхо Австре дехьадевлчхьана цкъа а Нохчийчохь хилла йац со, амма телефонехула а, видео зIенехула а къамелаш до оха гергарчаьрца. Суна дукхахболу сайн гергарнаш гина бац цкъа а.
Суна дагадогӀу бераллин цӀа, дас-нанас кест-кеста дуьйцу цунах лаьцна. ТӀом балале хьалха а тхан цӀа шордан а, кертахь бассейн йан а лууш вара сан да. Амма тӀамо хийцира тхан лаамаш.
Ахмаева Саида, 40 шо, Германи
– Даймахкара дӀайахара со 2002-чу шарахь сайн деца, хӀетахь дуьйна 23 шо даьлла. Жималла а, кхиазхойн зама а даймахкахь дӀайаьхьна ас, амма со Германехь кхиъна йу. Дозанал арахьа вахар шен дика а, вон а агӀонаш йолуш ду, амма дерриг а вовшахтоьхча, со реза йу. Карарчу хенахь белхан меттигаш лоьхучу центрехь болх беш а, йукъараллин а, културан а гӀуллакхашкахь дакъалоцуш а йу со, Германехь нохчийн кегийрхойн координацин комитетан (CYCC) векал а йу со.
ДӀайаха ца лаьара суна, суна чӀогӀа лазаме хIума дара и, амма кхин дан хӀума дацара сан. Хьалхарчу йалх шарахь чӀогӀа дагара ца долура суна цIа. Бакъду, интеграцин процесс мелла а атта хиллачу кӀеззигчу нахах цхьаъ йу со. Сихха немцойн мотт Ӏамийна, дешар а дешна, карьера а йина, хӀинца Германин гражданалла а йу сан.
Сан аьтто белира, нохчаллех а ца йухуш, кхузарчу пачхьалкхах а, нахах а дIаэн. Дика адамаш бен дуьхьал ца детталора суна, гIо дан а, гIортор йан а лаам болуш. Дера хIета, муьлххачу а пачхьалкхехь санна, мигранташ ца безаш берш а хуьлу, ткъа сан кест-кеста цу тайпачу нахаца гӀуллакх нисло. Кхузахь 100% сайна цӀахь санна хета ала йиш йац сан. Со кхузахь даима а хийра хир йу.
ЦӀахь берашца нохчийн а, немцойн а меттанашкахь къамел до ас. Ас цаьрца оьрсийн маттахь къамел ца до, царна и мотт Ӏамор оьшуш а ца лору аса. Шайна лаахь, цара шаьш Ӏамор бу иза. Церан ненан мотт суна хьалхара хета. Вайн ламастан дезденаш даздо оха, мукъаденошкахь ас тхайн къоман кхачанах цхьаъ кечйо. Сан берашна къаьсттина дукха деза жижиг-галнаш а, чӀепалг а. Сан йоккхаха йолчу йоIа-м "Нанин чIепалг" аьлла кафе схьаелла йеза ахь аьлла а хьийхира суна.
Со аьттехьа а реза вйцара, шайн даймахкана арахьа, къаьсттина Европехь, кхиъна а, бехаш а болу кегийрхой "йайна тIаьхье" йу бохуш чIагIдарна. Вайн инзаре дукха кегийрхой бу, бераш долуш йа кхиазхой болуш кхуза схьа а баьхкина, кхузахь кхиъна, йа кхузахь дуьненчу бевлла, шайн къоман башхаллех ца хаьдда. Царна нохчаллин кодекс - ГӀиллакх, ГӀуллакх, Оьздангалла йовза а йевза, цара лела а йо. Царна шайн ненан мотт хаьа, буьйцу, нагахь цхьана бахьанаца и ца хаахь а, иза Ӏамо гӀерта уьш. Шайн халкъан историца, културица, ламасташца шовкъ йолуш, деша а доьшу, карьера а йо, кхуьуш хуьлу уьш.
Цкъа мацца а даймахка йусур йу аьлла, дегайовхо йу ас сайца латтош
Масала, тхан CYCC комитетан декъашхой а, векалш а кегийрхой бу (ткъа иштта со санна, кегийрхой боцурш а бу, масала) кхузахь Европехь, я Азехь, США-хь, Канадехь кхиъна а, бехаш а... ХӀорш бу тхан културин тӀаьхье, тхан къоман башхалла а, мотт а ларбарна кхайкхамаш беш болу нах, ткъа царех хӀора а хуьлу шайгара жимма а цу гIуллакхехь дакъа лаца хьийзаш.
ЦӀа сагатлой сан? Дера гатло. Сан чӀогӀа сагатло айса йитинчу Нохчийчоьнна, со йинчу Бумматна, сайн хьомсарчу лаьмнашна. Цкъа мацца а даймахка йуха а йирзина, жимо цӀа а дина, цхьа тийна, юьртан дахар дӀахьур ду аьлла, сатийсам ларбо ас сайн дагчохь.
Хьайн даймохк а, хьайн халкъ а, хьайн култура а йезаш хилча, хала ца хуьлу кхузаманан дуьненахь хьуо верг виса. И безам берашна жимчохь дуьйна марзбан беза.
Цхьа дустар ду-кх. Цхьа хьекъале стаг волчу деана хилла зудий-майрий, шайн бер нийса муха кхио деза аьлла, хьехийта. Хьекъалчас хаьттина беран хан. Дас-нанас беран ши кӀира ду аьлча, хьекъалчас жоп делла: "Дукха тӀаьхьа ду" аьла. Цундела даймахке а, матте а, историга а, ламасташка а, културе а болу безам бер дуьненчу даьллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна кхио беза. ТӀе а ца дожош, кхера а ца деш, ницкъ ца беш, амма шовкъе - кӀеда-мерза, безамца дуьйцуш.
Сайн къоман идентификалла ларъян а, берашка дӀакхачо а аьтто баьлла сан майрра ала йиш йу-кх сан. Германехь йина а, кхиъна а, цкъа а Нохчийчохь хилла а йоцчу сан жимах йолчу йоӀал воккха Нохчийчоьнан патриот карор а вац. ТӀаьххьара цӀахь хилла со 2008-чу шарахь, амма гергарчу нахаца а, накъосташца а йукъаметтигаш латтайо ас.
Сих-сиха гӀенах го суна бераллехь тхан хилла Бумматара цӀа: бIаьста эзарнашкахь бес-бесарчу зезагех денлуш хилла лаьмнаш, шовдане тхешан эхар, хьуьнхахь цIазамий лехьор, сайн хийистте лечкъина идар, цул тIаьхьа сайна кIарх беттар а. ХIара дерриг а йаздеш а, йоьлхуш йу со...
"Тхо – европахойн халкъ"
"Йайна тIаьхье" боху термин дуьххьара гучуйелира Хьалхара тӀом чекхбаьлча - иштта цӀе тиллина хилла инзаречу тIамах чекхбевллачу, маьршачу дахаре нисбала аьтто боцучу кегийрхошна. Венерчу Ичкерийн културан центран куьйгалхочо Исханов Хьусейна а цу маьIнаца дузу Нохчийчохь хиллачу тӀемаша шайн дешарна чӀогӀа зенаш дина нохчийн цхьа дакъа. Цо дийцарехь, уьш бу уггаре а хьалха тӀамо махкахбаьхна 15-16 шераш долу кхиазхой.
"Йайна тIаьхье – Нохчийчохь тӀом бахьанехь деша ца бахана, мелла а кхиъначу хенахь Европехь нисбелла нах бу. Иштта, Нохчийчохь бехачу, амма ненан мотт ца хуучу цхьаболчу сайн гергарчу нехан берех а йайна тIаьхье олу ас. Ойла йехьа: уьш Нохчийчохь бехаш бу, нохчийн мотт а ца хууш!" – цецволу къамел деш верг.
Исханов тешна ву, Европехь беха нах аьшнашбархьама "йайна тӀаьхье" боху миф махкарчу Iедалхоша гӀортор а йеш, латтош хиларх:
"ХӀинца нохчашна дуьйцу: оха кхузахь мотт ца Ӏамабо, цхьа ЛГБТ а йу, ишта кхин а "инзаре" дийцарш а дуьйцуш. И нах республикехь мел бу, царна тIера цIока йоккхийла ду – йасакхаш лехьош, ишта тIаме хьийсон а тарло. Амма бераш долуш баьхкина, йа Европехь дуьненчу бевлларш чӀогӀа кхиаме бу: уьш доьшуш бу, кхуьуш бу суна дуккха а и тайпа нах бевза".
Къамелдечо дийцарехь, Австрехь нохчийн школера дешархоша дукхачу хьолехь дешарца а, леларца а хьалхара меттигаш дӀалоцу, кхечарна масал а хуьлуш. ХӀетте а, цо мукӀарло до, цхьацца меттигаш а йу аьлла.
Вайн кегийрхой дика дIатарбелла керлачу хьелашкахь
"Дера хIета харцахьа леларш а ма бу. Амма суна бевза-безачарна йукъахь дукхахдолу бераш лакхарчу доьшийлашкахь доьшуш ду, говзаллаш караерзайош ду. Дукхахболчара эрна хан ца йойу. Эшна хьал лаьтта баккхий хиллачул тIаьхьа баьхкинчаьргахь: тӀом бахьана долуш цӀахь ца дешна цара, ткъа кхузахь адаптаци йан аьтто ца баьлла церан. Цундела ас уьш лору йайна тIаьхье", - кхетийра Исхановс.
Иза тешна ву, Оьрсийчохь карарчу хенахь лаьтта раж йухург хиларх, тӀаккха Европехь кхиъначу кегийрхоша Нохчийчоьнна кхиамаш баха аьтто лург хиларх а:
"Хан-зама йаьлча, тхан, нохчийн, аьзнаш чӀогӀа зевне хир ду Европехь а, оха йухаметтахIоттийна, керла заза хецна, европахойн пачхьалкхех дIатарбеллачу тхешан даймахкахь а. Ишта хилийта оха дерриг а деш ду: радикализмаца къийсам латтабо, цхьана а кепара беш пайда а боцуш, тIеIаткъмна кочайоьллина йолчу. Тхо –европахойн къам ду, тхан менталитет а йерриг а аьлча санна, маршо, кхерамзалла, адамийн бакъонаш коьртехь йолчу европахойн низамашца а, Iер-дахарца а йогIуш йу.
Францин нохчийн цхьаьнакхетараллин президентан, Ниццерчу цхьана маьждиган имаман Магамадов Басханан (Рамзан) доьзалехь лаккхара дешар дешна кхо бер ду. Редакцица хиллачу къамелехь цо чӀагӀдо, шена бевзачу массо а нохчийн доьзалшкахь бераш доьшуш а, къахьоьгуш а, меттанаш хууш а хилар, шайна юкъахь ненан мотт а болуш.
"Халонаш йелахь а, вайн кегийрхой дика дIанисбелла керлачу хьелашца, кхиамца шаьш гойтуш бу меттийн Ӏилманехь а, бизнесехь а, экономикехь а, спортехь а. Школа йаьккхинчул тIаьхьа дуккха а бераш доьлху Британе йа Китай, йа кхечу пачхьалкхийн университеташкара дипломаш даха. Цара сий до шайн дайшкара ламастийн, шайна гонах тайп-тайпана хийра култура йелахь а", - бохура Магамадовс.
Къамелхочо харц ца до Европехь дӀатарбала аьтто ца баьлла нохчий а хилар. Амма, цо дийцарехь, уьш кӀезиг бу, ткъа шайн дай баьхначу республикан кхане дӀахӀоттор йу кхечара – шайн дайша биллинчу бух тӀе а тийжаш, шайн хиндерг Нохчийчоьнца дозуш болчара.
- 2024-гIа шо хала дара Европан пачхьалкхашкахь тховкIело лоьхуш хиллачу Къилбаседа Кавказера бахархошна. Дуьненайукъара а, меттигерчу а бакъонашларйаран организацеша кхайкхамаш бешшехь, векалташна хьалха митингаш а, пикеташ а хIиттошшехь, Оьрсийчоьнан дехарца Интерполехула мухIажаршна экстрадици йар сацош дац. Диаспорин векалш къар ца ло: потенциале террорхой бу уьш бохуш, нохчех лаьцна Кремлан тезис хIинца а гоьйаьлла йу.
- Францехь нохчийн диаспорехь тӀаьхьенийн вовшашца дов латтаран бахьана хӀун ду? Диаспорин векалех муьлха ву Даймахка йухавоьрзур волуш? Европерчу пачхьалкхашкахь нохчийн мотт дӀабаларна кхерам буй? Уьш а, кхин долу а хеттарш нохчийн жигархочуьнца, йаздархочуьнца Муртазалиева Зарааца дийцаре дира "Кавказан хроника" подкаст дӀахьош волчу Вачагаев Майрбека.