Украинехь тIемаш бечаьрга харцонца маре а оьхуш, пачхьалкхера ахчанаш даха гIерташ болчу "Iьржа жерой" олучу зударшна дуьхьал Пачхьалкхан Думо низаман проект кечйар хьехна. Депутато Колесник Андрейс дийцарехь, "Ӏаьржа жероша" пайда оьцу, тIамтIе бахийтале хьалха "могушалла телхина" йолчу эскархойх. Колесникан белхан накъосташа и низам пайден хирг хилар шеконе диллинехь а, амма цу проблемех лаьцна дийцарш алсамдевлла. Кху аьхка Брянскерчу кхело дуьххьара къобалдира тӀамехь вийначу эскархочуьнца дина захало бух боцуш хилар.
"Окно" проектан текст
"Цунна къаьркъа малийнера цо"
2024-чу шарахь зазадокху-беттан 12-чу дийнахь Брянскерчу Красная Гора юьртахь дӀавоьллина 40 шо долу Хандожко Сергей. Кременнная олучу меттигна гергахь велира иза чиллан-беттан 24-чу дийнахь, тезет дӀадаьхьира эвлан йистехь йолчу Святая Троица килсехь. Хандожкос меттигера школехь чекхъяьккхина 9 класс, эскарехь гӀуллакх ца дина цо, ткъа контракт йира 2023-чу шеран гIадужу-баттахь.
Кехаташна куьйгаш йаздале цхьа де хьалха Хандожкос йалийнера 37 шо долу Соколова Елена (дуьххьара маре йахале цуьнан фамили Лавриненко йара). "Окна" проектан журналисташна билгалдадарца, Соколова луларчу Палужская Рудня йуьртара йу. Хьалха эвларчу туьканахь йохкархо йара иза, амма Хандожке маре йоьдучу хенахь тӀеман комендатурехь болх беш йара, бахархой чоьте хIиттош. Тоххара маре йахначохь йина йоI а йу цуьнан.
Хандожко дӀавоьллина ахшо даьлча, цуьнан коша тӀехь хӀоллам хӀоттийра цуьнан керлачу зудчо, амма шолгӀа Ӏа долалуш, дӀавоьллинчу меттехь кхин чурт гучуделира. Керла хӀоллам хӀоттийнера веллачун вашас Александра, цо йуьхьанца дуьйна Хандожкон а, Соколован а хилла захало бакъ лоруш дацара. Цунна хетарехь, Соколова леррина цхьана Iалашонца маре йаханера Сергейга, тӀаьхьо цунна леринчу ахчанах пайда эцархьама. Вашас чӀагӀдо, Соколовас ур-атталла шен паспорт тӀе мухӀар а ца таIийнера, Хандожко тIамтIе дӀаваханчул тӀаьхьа иза кхечу стагаца Iаш хилла бохуш.
- И шиъ муха девзинерий? 24 сахьтехь нисделла довзар дара иза, иштта аьлча, - дуьйцу Александра. - Красногорскан кӀоштан тӀеман комиссариатехь болх беш йара иза. Повесткаш дӀасадоькъура цо. Цо сан вешина къаьркъа а малийна, массо а документашна а, контрактна а куьйгаш йаздайтинера. Цуьнца ЗАГСе йахара иза, цигахь кехаташна тӀе куьг яздира. ШолгӀачу дийнахь, цо ша иза машена а хаийна (машен чу - "Окно"), Курске дӀавигира. ХIетахь СВО ваха ца лаьара цунна. Со цу хенахь СВО-хь вара, цо аьлла хиллера, сайн ваша цIа валлалц, со цхьанхьа а гӀур вац. Амма цо иза малийна, гал ваьккхинера.
Александрна ца хаьа, муха, хIун дина ка йаьлла хилла Соколован, воккха стаг тӀаме ваха тешон. Хила тарло, иза Хандожко Сергейн дахаран кепах доьзна: цо дукха къаьркъа муьйлуш хилла, масийттаза кхел йина а хилла иза. Йуха а Хьалха наркотикашца доьзна зулам дарна 8 шо хан тоьхнера Хандожкона, амма иза хенал а хьалха маьрша ваьккхира. Цул тӀаьхьа таIзар дира цунна шена вевзачу стагана йеттарна а, бехкевинарг хенал хьалха араваьллачул тӀаьхьа лело дезаш долу административан тергонан низамаш дохорна а. Кхелан тептаршкахь йаздарца, низамашкахь шен цIахь буьйсанаш йаха йехаш вара Сергейс, амма хIетте а цIахь Iаш ца хиллера иза. Оцу тIехула а бехкаш дохура цуьнгара. Оцу артиклца долу гӀуллакх Хандожко веллачул тӀаьхьа бен дӀакъевлина дацара. Кхелан цхьана документехь йаздина ду, Красная Гора эвлан вахархочунна цхьана а агIор тIедогIуш рицкъ вацара, иза психиатрехь а, наркологехь а дӀайазвина ву, иштта гӀеххьа хьекъалца тӀаьхьависна хилар а ду цуьнан, цундела цуьнан аьтто бац ша кхоччуш Iалашвала аьлла.
- ХӀун лелош вара хоьтту ахь сан ваша? - боху Александра. – Цхьа а хIума лелош вацара иза. ЦӀахь тергонехь латтош вара иза. Красная Гора олучу тхан ден-ненан хӀусамехь Ӏаш вара иза. Цуьнгахь хӀумма а дацара, массо а хӀуманна тӀехь со вара цунна гуттар гӀо деш... Ткъа Соколовас хӀинца дуьйцу, шаьшшиъ вовшашна девзаш дукха хан йара бохуш. Амма оццул миллионаш шена кхочург хилча, кхин хӀун эр дара цо?
Хандожко Александра дийцарехь, Соколова Еленина хӀинцале а ахчанаш кхаьчна цуьнан веллачу вешех. Ша Соколовас жоп ца делира "Окна" проектан журналисто телефон тоьхча. Товбеца-баттахь кхело, кӀоштан прокуроран дехарца, Соколова Еленин а, Хандожко Сергейн а захало фиктиван хилар къобалдира. Иск чу йеллачун аьтто баьллера тоьшаллаш дан, и шиъ цхьаьна хӀусам лелош ца хилар, Соколова шен хIусамдена чевнаш йича дарбан цӀийне йахана цахилар, иза тIамтIе дӀавуьгучу хенахь, новкъа ваккха йеана цахилар а. Соколовас чӀагӀдора шена а, Хандожкона а юкъахь безам, уьйр-марзо йара, шаьшиъ доьзал кхолла дагахь дара бохуш.
Хандожко Александран позицина жигара тIетайра цуьнан хӀусамнана Гурбанова Людмила, иза Оьрсийчоьнан эскархошна гӀо гулдарехь дакъалоцуш йу, V шеврон тӀехь камуфляжан барзакъ а доьхна йогӀу иза нахана йукъа. Цуьнан кӀант а ву тӀамехь. Александра жоп ца делира шен вийначу вешех Соколовагара ахчанаш схьадах дагахь вуй-те аьлла деллачу хаттарна, ца дийцира ша коша тӀехь хӀоттийна хӀоллам стенна хийцина а.
"Вася СВО-хь нисвелла, цецваьлла"
60 гергга стаг веха Дворянка эвла йу Приморскан мехкан малхбузехь, иза Ханкайскан кӀоштан дакъа ду, Китайца долчу дозанера. Юьртахь цхьаъ бен боцчу ураман йуьххьехь Ӏаш йара Выприцких Елена шен йоӀаца Верица а, кӀантаца Васица а. Иза цхьанхьа а болх беш ца хиларна, доьзал бевзачара дийцарехь, къаьркъанах йетталуш хиларна, бераш Находка гӀаларчу интернате дӀадигинера цуьнан.
– ХIаъ, суна уьш дагадогIу, - дуьйцу инетрнатехь кхиъначу цхьаммо. –Вовшашца бен дукха хьолахь къамеле бацара уьш. ХIара ду аьалла, кхин царах лаьцна дийца хIума а дац: цхьа тийна-тапъаьлла бераш дара уьш. Со цецваьлла Вася СВО-хь ву аьлча. Иза коьртаца дика вац аьлла хетара суна даим а.
Выпрыцких доьзал бевзачара дуьйцу, интернатера ваьллачул тIаьхьа, Василий Дворянке йухавирзинера, амма билггал иза хӀун лелош вара- цхьанна а хууш дац бохуш. Зорбанан гӀирсашкахь даржийначу документаша дийцарехь, 2024-чу шеран аьхка Дворянкехь карийнера Василий луларчу Камен-Рыболов йуьртарчу совдегарна Полищук Дарьяна. Контрагентийн базашца, цуьнан йолу йуьззина цӀе йолчу йоӀа Дворянкехь сурсатийн туька схьайиллинера 2022-чу шарахь. Полищук марехь йу I687I-чу тӀеман декъан (60-гӀа къаьстина мотогерзан бригада - Окно) орденан эпсарехь Полищук Александрехь, Момен-Волойстийн бригадехь дӀатарвелла ву иза. Бехкзуламан гIуллакх долорах зорбане баьккхинчу сацамах тешахь, Полищука 2023-чу шарахь контракт йина, ткъа 2024-чу шеран дечкен-баттахь зуда йалийна цо. Цундела хила тарло и захало а тIаьхьало йоцуш дина хилла. Полищук ишта совдегаралла лелош вара: иза вевзачара дийцарехь, цуьнан долахь йара китайхойн кхача кечбен кафе.
33 шо долчу Полищук Дарьяна жимчохь дуьйна вевзаш вара Выприцких Василий: "Окно" проекто билгал ма-даккхара, маре йахале Австриевская фамили йара цуьнан, Василийн нанна кхо цӀа генахь йехаш йара иза. Талламо дийцарехь, ПолищукгIар дагахь хиллера меттигерчу йарташкахь верасаш боцу божарий лаха, цаьрга маре йахна аьлла, сурт хIоттон Iалашонца. 24 шо долу Выприцких чIоIга дика хийтира царна оцу гIуллакхна, хӀунда аьлча, иза, хетарехь, цхьанхьа а болх беш вацара, йа цуьнан шен сих схьадаьлла хIума а дацара. Василий шен ненаца вехаш велахь а, зудчун цуьнан бахамна тӀехь цхьа а бакъо йацара, хӀунда аьлча, 2014-чу шарахь дуьйна ненан бакъонаш дӀайаьхнера цуьнгара. 2017-чу шарахь Выприцких Еленина тIедожийра 70 сахьтехь пачхьалкхана белхаш бан, 500 эзар соьмана алмиенташ гулдаларна.
- Суна хууш ма-хиллара, иштта тешийра цара иза, - дуьйцу интернатерчу Выприцких вевзаш хиллачу кхин цхьана накъосто. - Цара элира, маре йига, ткъа хьан зудчо хьан нанна ахча а латтор ду, цуьнга хьажа накъост а хир ву. Цигахь долу ахча, хьо кхета, вон дац. 200 эзар сом Дворянкина - иза бахам бу ала мегар ду. Нанна а, зудчунна а тоьара иза. Ткъа шен нана йезаш а, цуьнах къахеташ а вара иза, дерриге а хьал ишта доллушехь. Хетарехь, уггаре а тидамза верг хаьржина цара, цхьаммо а тидам бийр бац аьлла.
ПолищукгIара Камен-Рыболов олучу эвла дӀабигира ВыпрыцкихгIар, ткъа иза масех дийнахь церан цӀахь Ӏийра. 2024-чу шеран мангал-баттахь контракт а йина, цхьана дийнахь зуда схьа а йалийна (низамо бакъо ло иза тIамтIе воьдуш велахь – Окно), ткъа гезгамашин-беттан 10-чу дийнахь тӀеман зоне дӀавахара. Хаамийн гӀирсаша ма-йаздарра, Выпрыцкиха йалийнера Камен-Рыболовна гергахь йолчу Сибирцево юьртара 38 шо долу Скрябина Ксения. 60-чу бригадехь болх беш йара иза 20I5-чу шарахь дуьйна, ткъа 2023-чу шарахь сержантан дарж делира цунна, 2024-чу шарахь — "штабан оперативан декъан математикан моделированин операторан" дарж. Талламо лору, Скрябина Ксенинан алапа кхочуш хилар Выприцкихера, ишта нотариусера шена бакъо а йаьккхина, цуьнан Уссурийскехь йолу петар а кхаьчнера цунна. Иза низамца Василийна лерина хиллераа, ненан бакъонаш дӀайахарца доьзна. 1,5 миллион сом мах болу петар йу хьалха хиллачу йукъарчу Iойлех тера йолчу жимчу гӀишло чохь.
Скрябина Ксениян хьалха кхин фамилеш йара – Тасун а, Андрушевич а. Хаамийн гӀирсаша дуьйцура, Выприцкихах кхетале хьалха, иза эскархошца фиктивехь захалонаш деш хилла йу бохуш. Амма дӀасабаржийначу хаамашца иза тIечIагIдойла йац: Скрябинан хьалха хилла фамилеш цуьнан документаш тӀехь гучуйевлла тӀом болабалале дукха хьалха. Выприцкихан гӀуллакхехь Скрябинан а, ПолищукгIеран а аьтто бара, цуьнан алапал совнаха, страхованина луш долу 12 миллион сом а ахча деха а.
2025-чу шеран зазадокху-баттахь бехктакхаман гӀуллакх долийначу хенахь дийна вара Выприцких Василий, амма хӀинца цуьнан статус хууш йац. 60-чу бригадин гергарчеран чатехь цакхетамаш бу: гергарчеран аьтто бац эскархошца зӀене бовла, шайн гергара стаг дийна ву йа вац ца кхеташ. Выприцкихан йишас Верас жоп ца делира "Окно" проектан журналисто телефон тоьхча.
– Суна гора, Васяс йеххачу заманчохь СВО-ра сторисаш хIиттайора, - бохура ВыприцкихгIар бевзаш хиллачу Юлияс. – Цул тIаьхьа иза дIавайра. Цуьнан йишас кху деношкахь бер дина. Иза а йара шен ненаца Iаш, цул тIаьхьа цунна хIусам йелира Покровкехь.
"ЙоI университете хIоттош гIо дан"
ШолгӀа ПолищукгIара йуьхьарлаьцнарг вара Хоролскан кӀоштарчу Ярославски юьртара 32 шо долу Иванюк Сергей. Иванюк юьртан йистехь могӀарерчу пхеа гӀаттах лаьттачу панелан гӀишлон чохь Ӏаш вара. Билггал муха вовшахкхетта ПолищукгIар а, Иванюк а, хууш дац.
Хетарехь, Иванюк Сергейн зуламан гIуллакхна йукъахь хилла ву йахначу хенахь ду: наркотикашца доьзначу гIуллакхан бехке винера иза, ткъа 20I9-чу шарахь 4 шо хан туьйхира цунна, стаг вен кхерамаш тийсарна а, могашаллина зенаш дарна а. Кхелан сацамехь йаздина ду, Иванюкан дас шен кӀанте латкъам бина бохуш, лулахочо шена къаькъа миэла до, иштта пенсионеран бито а лачкъийна аьлла. Иванюк Сергей, шен деца цхьаьна молуш Iачу хенахь, зулам динчунна бекхам бан сацам а бина, диг а эцна, цуьнан неIаре вахана хиллера. Девнаш долчу хенахь Иванюка диг охьа а кхоьссина, белах ка а тоьхна, шен дуьхьалончин коьртах тоьхна, цул тӀаьхьа иза ведда хиллера.
Приморскан мехкан цхьана колонехь хан текхира Иванюка, кест-кеста дехарш деш хиллера цо, йа цхьана кхечу меттиге дехьаваккха ша, йа хенал а хьалха набахтера араваккх бохуш. Амма кхело хӀоразза а дуьхьало йора цунна. ПолищукгIар бевзачу хенахь тоьхна хан текхнера цо, цу хенахь да а кхелхинера: бехктакхаман гӀуллакхан документаш тӀехь йаздина ду, Иванюкан цхьа ваша бен вац, иза а хьалхарчу рогӀера верас лоруш вац аьлла.
Выпрыцких Василийна а санна, ПолищукгIара дош делира Иванюкна тылехь гӀуллакх дайта, цул тӀаьхьа цунна йалийра Уссурийскехь йолчу "ТӀеман министраллан 125-чу финансийн-экономикан сервисан» белхахо йолу Сударева Наталья. Сударевас иштта гӀо дира Выпрыцких Василийна финансийн документашца а. 2025-чу шеран дечкен-беттан I3-чу дийнахь Иванюке маре йахара иза, оцу кепара цуьнан ахча Iалашдеш ша гӀо дийр ду, ткъа ишта тӀеман ветеранан пособех пайда а оьцуш, шен йоӀ университете дIахIоттон аьтто хир бу аьлла, иза тешийра цо.
Иванюка контракт йира, артиллерица нисвелира иза, амма цкъа а тIеман могӀанашка ца кхаьчнера. Талламчийн сацамехь йаздина ду, Полищук Александр шен зӀенех пайда а оьцуш, Сергей штурман роте вахийта гӀоьртинера аьлла. Ша Полищук 2025-чу шеран чиллан-баттахь дуьйна ша-шех лелачу гаубицан артиллерин взводехь экипажан номеран даржехь вара – Иванюкан санна дарж, амма цхьацца бахьанашца прапорщик тӀеман зоне ца вахийтира.
ТӀамна гӀортор йечу телеграм-каналаша зорбане даьккхинера Полищук Александран куьйгех гIоьмаш тоьхна, даьккхина сурт. Тобанан кхин болу декъашхой лаьцна аьлла хаам бац. Иванюк Сергей кхеттачух тера дара, шеца бозбуунчалла лелийна хиларх. Цо дихкира Сударева Натальяна шен чоьтана тӀекхачар. Иванюк валарх лаьцна гIарадаьккхина дуьйцуш дац, иза хӀинца мичахь ву а, цуьнах хилларг а къасто аьтто бац.
2024-чу шеран охан-баттахь Приморьехь лаьцна кхин цхьа зудий, майрий а, цу кепара зулам дарна. Прокуратуро бинчу хаамца, цара тешийна хиллера шайн дачин декъехь вехаш волу 46 шо белхало, шайна йевзаш йолу 63 шо доу зуда тйало йеза аьлла. Цул тӀаьхьа и стаг велира, ткъа цу шиннан аьтто баьллера стаг дIавуллуш луш долчу ахчанан доккхаха долу дакъа схьаэца.
"Стенна гIерта уьш захалона йукъа?"
Оцу кепара гIуллакхаш кеп-кепарчу регонашкахь а нислуш ду.
Baza телеграм-канало хаам бира, Ханты-Мансийскехь 2025-чу шеран стигалкъекъа-баттахь бехктакхаман гӀуллакх долийна кхаа стагана а, цхьана зудчунна а дуьхьал аьлла. Талламхоша дийцарехь, шеконашца лаьцначех цхьаммо полицехь болх беш хилла, базашкахула лехна хилла таро йоцуш болчу цхьалхачу божарех лаьцна информаци. Цу тобанан декъашхочо царна бовзуьйтуш хилла фиктивехь маре оьху зударий, цул тӀаьхьа тешош хилла уьш, зудчунна ахча схьаэца бакъо хилийта, контрактна куьйгаш йазде бохуш. Украинехь тӀеман операцеш дӀахьочу хенахь шеконашца лецначара диъ захало дина хилла, и эскархой а тIаьхьа байина тIамехь.
Neft зорбанан гӀирсо йаздира, бозбунчаллаш лелочу наха 1981-чу а, 1970-чу а, 1976-чу а шерашкахь бинчу Нижневартовскера бахархошца харцо лелийна хиларх.
Мангал-баттахь "тӀеман корреспондент" шех олучу Алехин Романа хаам бира, Бурятера тӀеман лазартнехь медйиша пхоьазза маре йахара хала чевнаш хилла тӀеман ветеранашка, тӀаьхьо ахчанаш схьаэцархьама аьлла. Цо цуьнан цӀе ца йаьккхира. Улан-Удэ гӀаларчу юристо Егоров Виктора дӀахьедира, "оьздангаллин барамехь йацара йоӀ", амма цхьа а бух бац низамашца иза кхеле озо аьлла.
"Со ца кхета, тӀеман корреспонденташ хӀун даккха хьийза медйишера? ХӀунда йо цара гӀовгӀа, шайх данне а хьакхалуш доцчу доьзалан юкъаметтигашна юкъа а гӀерташ? Эскархочо а, лор-йишас а шайн захало ЗАГС-ехь йа бакъо йолчу стагехула тIечIагIдича, со тешна ву, цигахь цхьа а ницкъ ца хилла, цхьа а аьшпаш бац, шен лаамехь дина захалонаш ду", – элира Егоровс.
Даима а аьтто ца болу вовшашца барт а бина, дина захало фиктивехь ду аьлла тоьшаллаш дан. Хакасехь цхьа нана гӀоьртинера шен нус кхеле йала, шен кӀант веллачул тIаьхьа цо эцна ахчанаш схьадахархьама. Цо шен дӀахьедарехь билгалдаьккхинера, шен кӀант тIамтIе дӀавахале жимма хьалха, иза набахтехь волуш дина захало ду аьлла. Амма кхелахочо сацам бира, и захало бакъдолчух тера ду аьлла, хӀунда аьлча, и зуда цунна тIаьхьа оьхуш а хиллера, иза чохь валлош, цуьнга маре а йахале, цуьнца уьйраш хилла цуьнан аьлла.
Ур-атталла Оьрсийчоьнан Ӏедал а ца теша «Ӏаьржачу жеройн» жоьпалла тӀеэцначу низаман проект эвсаралла йолуш хиларх. Пачхьалкхан Думан депутата Останина Нинас бахарехь, фиктиван захалонаш "юкъараллин цензурица" бен къийса йиш йац, ткъа низамца "оьздангаллех лаьцна хаттарш нисдан йиш йац".