Товбеца беттан 15 дийнахь 5 шо кхаьчна евзаш йолу бакъонашларъярхо Эстемирова Наташа зуламхоша йийна. Иза динарг каронза волу нохчийн тIемло ву аьлла, дIакхайкхийна Iедалша. Амма и верси харц хета Эстемирован белхан накъосташна.
Маршо Радион корреспондента Султанов Ахьмада,бакъонашларъярхошца къамел а дина, кечйина хIара материал.
Your browser doesn’t support HTML5
Пхи шо кхаьчна Эстемирова Наташа йийна
Нохчийчоь -- Адамаш а, дахар а дукха дезаш яра догмайра бакъонашларъярхо Эстемирова Наташа. Соьлж-ГIала, Гезг. 1, 2004
Эстемирова Наташа йийна карийра ГIалгIайчохь. Иза дIакхачош ю Нохчийчу Кхошкелда. Тов.16, 2009
Эстемирова Наташа, 3.11.2013