Нохчийн къам цIерадаккхарх а, Хьайбахахь 700 сов стаг дийна воллушехь, божалахь вагорах а лаьцна, нохчаша яьккхина кино гайтар дихкина Оьрсийчоьнан Културан министралло. Министраллин хьесапехь, «къаьмнашна юкъахь питанаш даржор ду цо». Кино яьккхинчу продюсерна Коконаев Русланна хетарехь, цкъа мацах дина зуламаш гечдайта хьовса дезара Оьрсийчоьнан Iедалш.
Вуьшта, зуламаш дан мегаш нисло, царах лаьцна дийцар магош дац.