Тамаше делахь а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран, цхьана заманахь
Сталинан а санна, Iедал ду школашкахь хIун, муха хьеха деза тергоне доккхуш. Уггаре хьалха цо омранашна кIел хьуриг ю истори. Иза юхаязйина, халкъана товччу кепехь хила еза, аьлла, болх болабайтира цо Iилманчашка. ХIинца тIедожийна школашкахь историн жайна цхьаъ хилийтар. Амма кечдинчу керлачу жайнина реза бац нохчийн историкаш. И аьлла Москохца къовсаме ваьлла, масала, Гелданарчу школера хьехархо Магомадов Салам.