Социалан машанаш уггар жигара лелочу стоьландайх ву аьлла, Оьрсийчура хеттарийн хьесапдина а далале, ша Инстаграм дIакъовла воллу аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Чувоьллинчара, хенал хьалха аравалийтинчу стагца даьккхина суртана кIоршаме комменташ йитина, цуьнан агIонна тIехь.
Цхьана агIора, шега бахархоша дечу аьзнашна жоп дала хьожу Кадыров. Амма вукху агIора, цуьнан урхаллин кепо кхоьллина, махкахошна тIера кхо цIокха йоккхуш болу стоьландай.