Дуккха а нах бу хIинца а шайн гергарчеран кхолламах лаьцна цхьаъ хааре сатуьйсуш бехаш. Белларш а, лар йоцуш байнарш а ца бийцича а, дуккха кегийра бераш байлахь дисира Сибареха дуьгуш тIера да-нана а делла. Царах хилларг хIун ду хукхачу хьолахь хууш дац. Шайн доьзал Сибрех буьгуш вайна волу шен ваша 15 шо хаьлха карийра шена аьлла хеташ ву Хорачара Махашев СаIидбек.
Нохчийчохь цIера дийнат лелоран культура хIинций бен яьржаш яц. Дукхачу долахоша, тахана а, цхьа доккха бахьан хилчий бен ца дуьгу, шаьш жоьпалле долу, цициг, жIала а, тоти а, кхидерш а, ветеринаран тIе. Уьш ца дезар дац иза, ца хаар ду.
Дешний, говза хиларрий башха коьрта доцчух тера ду тахана Нохчийчохь балха дIахIуттуш. Стаг тIеверзош гIарабевллачу бабацеша министрийн дарже а кхачаво, шайна кара хIума елчхьана.
Нохчийчохь, зударийн юккъараллийн цхьантуохаралло мехаза хьиджаб духар декъна. Дукхачу зудабераша а , зударша а , иза схьаэцна. Иштта, бусулба дино ма бохху къовлаяла луучарна юккъехь, 62 шо долу йоккха стаг а билгалъяьлла и акци дIахьочарна. Цуьнах лаьцна дуьйцу Султанов Ахьмада.
9 шо долу жима йоI, хьийза а йина, иза йийна долу зулам гучудаьккхина нохчийн полицино. Цоцийн эвлахь хилла долу и хIума, дукха сиха гIарадаьлла махкахь. Ишшта хIума хиларан шорта бахьанш го нахана.
Ши шо кхочуш ду Нохчийчохь хIоккейн дуьххьарлера тоба вовшахтоьхна. Иза кхоьллинарг ву, махка болх бан веана Словенера гIишлошъярхо. Шен чоьтах латтош ю цо тоба. Гарехь дикка кхиамаш а бу нохчийн хIоккейхойн.
13 шо кхочу Соьлжа-гΙалин йистехь Ιуьллучу БухIан-юьртахь оьрсийн эскарша къона а, къена а, бΙе гергга маьрша вахархо, шайн рогIерчу "леринчу операцехь" вийна. Оцу дийнан Ιазап дагалоьцу БухIан-юьртахь оцу дийнахь хиллачара.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина, ша дуьхьал вац республикехь, массо а бахархоша дакъа а лоцуш, харжамаш дIабахьарна аьлла. Уьш нийса а, цIена а вовшахтоха кийча ву ша боху цо. Иза реза ву цу харжамашна дуьненаюкъара тергамхой тIехьовсуш хиларна.
Нохчийн тутмакхаш, хууш ма хиллара, Оьрсийчоь мел ю, маьI-маьIIерачу регионашкахь йолчу набахтешкахь латтош бу. Долчу тоьшалшца, уьш вуочу хьелашкахь а бу. Нохчийн тутмакхийн амал кагъян гIоьртина ца Iаш, царна, шай хуьлчу агIора, хала хьелаш латтадо набахтийн куьйгалло.
Нохчийчохь бизнес лело луучу нахана баккхий аьттонаш бан дагахь ду меттигера Iедалш. Къаьстина, бигалгалъяьккхина цу юккъера, кIезга совдегаралла лелош берш. Цкъачунна, царна новкърлонаш еш болу даржхой совцорна тIера долор ду иза.
ХIокху цхьана шарахь гIаьххьа алсамдаьлла бахархоша коммуналан хьаштех лучу ахчанан барам. ХIинцалц ахча гулдарна бIаьргаш хьаббина хиллехь а, тахана оцу гIуллакхан тIедирзина Iедалш. Ткъа, цхьана догIуш дуй те, коммуналан хьаштийн дикалла а, цуьнана мах а, теллира Маршо радионо.
Федералан Iедалш дукха хенахь дуьйна дIахьочу "Тишъелла гIишло" цIе йолчу программийца керлачу цIенош чу баха лууш бац ГIалгIайн махкара Сипсо гIалара бахархой. Оцу тIегIан тIехь, церан дар-дацар а иккхина, тишъелла гIишлош ю бохуш долу церан петарш йохо баьхкинчу Iедалан векалшца. Адвокаташа а даре до, Iедалша церан бакъонаш а йохош хиларна.
Нохчийчохь тΙемаш боьлхуш эскарша дина зуламаш толлу хан чекхъялла низамца а догΙуш, цундела уьш талла хьашт дац, аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран гΙовса Сыдорук Ивана. И сацам емалбо нохчаша - бакъонашларъярхоша а, байначу нехан гергарчара а.
Нохчийчоьнан куьйгалхоша рогΙера хийцамаш бина Соьлж-ГΙаларчу хьаькамашлахь. Цхьаьна кΙоштан куьйгалхочун метта хΙоттийнарг ву милцо. ХΙинца махкахь наггахь кΙошт а яц полицера хьаькам коьрте ваккханза.
"Къаьркъан кедаш" а, царна малар духкурш а леха даьлла Нохчийчохь Iедал. И рогIера кампани дIахьош гергаоьзна махкара массо а пропагандан гIирсаш - газеташа дуьйцу, телехьжийлаша гойту карадаьхкина масалш. Ша, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ву оцу барамийн коьрте ваьлла.
ТIейогIучу бIаьста меттахΙоттор бу Нохчийчоь минанех мукъайоккху болх. Берриг а мохк минанех дIацIанбийр бу 2015-гΙа шо чекхдалале, бохуш, чΙагΙдо Ιедалша.
Зулам дина стаг къомах мила ву бохург дийцарна дуьхьал низам даккха дагахь ю Москох гIалин Дума. Цу гIуллакхана реза бу Нохчийчура депутаташ а. Шаьш цунна тIетовш хиларх лаьцна дуьйцуш, леррина кехат дахьийтина цара Москох.
Къилбаседа Кавказехь, тIемалойн боламца лаьтточу къийсамо даиманна айдинчохь латтадо, царна, цхьаболчарна амнисти ян еза бохуш долу хаттар. Цхьаболчу Iедал дайшна, хеташ дац, царна гечдан оьшу аьлла. Амма, ГIалгIайн махкахь, Iедалан и программа жигар дIахьош ю.
Соьлжа-гIаларчу кхел тептарш духкучу йиъ туьканахь, таллам а бина гучдаьккхина, цу чохь магийна йоцу бусулба динан литература юьхкуш хилла аьлла. Туьканийн долахошна гIуданаш тоьхна. Оренбургерачу кхело, стохка бусулба динан цхьа моггIа жайнеш экстремизм яьржош ду аьлла, бинчу сацамна тIетоьвжина Соьлжа-гIалара кхел.
Нохчийчохь бепкан мах хьалбаьлла 20 туьмне.Гарехь иза тIаьххьар мах а бац,коьрта лоручу оцу сурсатийн. Бепиг доттучара, деман мах, иза духкучара хьалбаьккхина боху. Эшам хилла болу, эцархой, сингаттаме бу, кхечу хIуманна а махъ лакхбала мега аьлла.
Хьажа кхин дIа а