Карарчу шарахь Нохчийчохь юккъерачу а, лахарчу а барамера бизнес кхио хьажор ду 600 сов миллион сом. Оцу ахчанах I70 миллион сом меттигерачу, 500 миллион сом федералан бюджетера хир ду. Иштта бара официалан хаамаш. Шо юккъе даьлла, амма хьал ша ма-дарра лаьтта, бизнесхошлахь кIезиг бу шайн бахам алсамбаккха таро карийнарш.
Тахана интернетерчу «Гугл»-браузеро аьтто бо ахь яздинарг шена чохь болчу 50 матте гочдан. Амма бац царалахь нохчийн мотт, и буьйцуш миллионал сов адам делахь а. «Гуглна» бехке дилла хIума дац иза, нохчийн шайн бу бехк.
ДIеношкахь Соьлжа-гIалин йистехь Iуьллучу 12-гIа участок шех олучу юьртахь, нехан цIа чохь цIе а яьлла, боккха бохам беанера. Оцу цIарах велла 4 стаг: кхо беррий, церан наний. ЦIеяларан бахьанаш цкъачуьнна къастийна дац, схьахетарехь, иза тоькан серий а лаьлла, цунах яьлла хила тарло. ЦIеяйъархой а, лоьраш а дукха сиха тIекхаьчна оцу меттиге, делахь а аьтто ца баьлла берриг доьзал кIелхьарабаккха.
Нохчийчохь, куьйгалхойн цIерашна тIехьа а лечкъаш, церан аьзнаш тардой я церан гергарчех тар а лой, бозбунчаллаш леладо цхьаццаболчу наха. Иштта хIуманаш Iора доху махкахь кест-кеста. Соьлжа-гIаларчу хьехархойн институтан декан бехке йо, цо, студенташ Iеха а беш, цаьргара ахчанаш дахарна.
Нохчийн лаьмнашкахь ца хеддаш дуьйлу герзаш. РогIера тIеман операцеш дIахьош ю мехкан полици а, эскаран дакъош а. Коьрта Iалашонех цхьаъ ю Кавказан Имаратан куьйгалхо Умаров Докка схьакарор.
«ГIаргIулеш екна евра ю» боху телесериал йолаелла оьрсийн НТВ телеканалехь. Иза емалъеш ю нохчийн юккъаралло а, Iедалан векалша а. Цхьа а низам ца дохийна цо, амма, нохчийн Iадаташ а, гIиллакхаш а бехдеш ю боху.
Нохчийчохь беллачу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин эскархойн терахь гIарадаьккхина цигарчу векалша. Оцу шина а тIамехь ондда майралла гайтина боху цара. Оцу юкъанна ира лаьтташ ду, махкахь тIех дукха болу эскархой, шайн-шайн цIа баха беза бохуш, меттигерчу Iедалша деш долу дIахьедарш.
Соьлжа-гIалахь, коьртахь йовлакх ца лелочу зудабершна пейнтболан тапча йиттина муьлуш бу ца хуучара. Оцу бахьанца, нохчийн юкъараллехь шортта дийцарш долйина.
Нохчийчурча тIеман ветерано, Хадисов Нажмуддис, Оьрсийчоьнан президенте гIо дехна, шена гIо дахьара, аьлла. Ишшта оцу къаночо, махкахь йолу цхьацца проблемаш а юйцу. Массийта шо ду шаена Iедалера догIуш долу ахчанана компенсации схьа ца ло бохуш яздо цо.
Республика юхаметтахIоттийна 18 шо кхачар даздан долийна ГIалгIайчохь. Кхайхкина дукха хьеший а болуш, ловзаргаш а мехкан той а доуш хира ду боху, мокъа дела долу пIераскан а, шоьтан а ши де. Амма, юккъараллехь хаьлха санна самукъадолуш тIеоьцуш дац, муьлха а даздарш. Бахьан-хала долу дахар а, махкахь йоцу паргIато а.
Нохчийчохь, даиман санна, жигара хьийзаш бу тайп-тайпана хIилланчаш. ХIокху деношкахь Нохчийчохь кхелашкахь дийцаре деш ду, шина хIилланчийн гIуллакхаш. Ткъа, низамхойн кара боьлхурш, олуш ма хиллара, кегий чкъерий ду.
Къилбаседа Кавказехь коррупцица йолу проблема даиман санна ира лаьтта боху Iедалан векалша. Коррупци проблема хилар билгалдоккху цара, амма цуьнана бахьанаш лохуш дац. Ишшта хуьлуш ду, хIинца а, хIокху деношкахь регионехь йолу коррупци йийца йолийна прокуратуран белхахоша.
Дуьненаюккъарчу берийн дийнахь дуккха а проблемаш гучуйоху Нохчийчохь. Берийн могашаллана тIера, церан кхане муха хир ю бохучунна тIекхаччалца ю уьш.
Нохчийчохь молучу хица йоьзна йолу проблема, и хи ц1ена ца хиларца ира лаьтта. Хьалха заманчохь санна, иза ц1ан а ца деш, д1акхочу бахархошка Вукхара, иза кхехкош а, льуттуш а леладо, амма т1аккха а иза малар, могашаллана кхераме ду боху говзанчаша.
ХIокху тайпа кхелан сацам Нохчийчохь цкъа а бина бацара. Щелковский кIоштера вахархочунна Гаибов Анзорана меттигерчу кхело 8 бутт болх бан хан тоьхна, цо шен кIантана дола деш ца хилла аьлла. Кхеахоша тидаме эцна, цо шен кIантана дола деш ца хиларал сов, цунна къиза етташ а, иза мацаллехь латтош а хиллийла. Кхиазхо волу и кIант мацалла ца вала, бензин духкучу станцехь ахча доьхуш хилла цигахь сецначу машенаш чохь болчарга.Оцу кIантана рогIера йиттинчул тIаьхьа, цуьнан дена цу тайпа кхел кхайкхина.
Нохчийчура дахар маьршачу хорша хIотта дуоладелчхьана дуьйна, арахь наггахь бен гур бац оьрсийн эскархой я тIебаьхкина болу милцой. Дукха хьолахь, церан болх, шаьш лаьтта меттиг ларъярца боьзна бу. Оцу кепара, тIебаьхкина болу и ницкъаш, махкахь эрна хан йоккхуш хета Нохчийчоьнан Iедалшна. Мел еш йолу тIеман операци нохчаша еш хилча, муххале а. Махкарчу ницкъаллийн структурийн куьйгалхой гул а бина дIаяхьначу кхеташонехь массийта дIахьедар дира Кадыров Рамзана, Iедалан ахчанаш эрна дойуш ду аьлла.
Сиржа-эвлана йистехь лерина операции а йина, вийна волу ЮсупхаджиевгIеран ши ваша, Шела кIоштахь хиллачу тIемалойх тIаьххьара вара бохуш дуьйцу ницкъаллийн структурашкахь. Амма цхьана кIоштахь тIемалойн доь дайина аьлла йолу и информаци гIараяккха сих ца ло уьш.
Схьагарехь, чIеберлойн мехкан хилла болу бахархой, уггар а жигаречарех бу, шайн дай баьхначу латта тIе юхаберза луучарна юкъахь. Аьхкенна тIехь шозза-кхузза цигахь вовшах а бетталуш, шайн проблемина тIе тидам бахийта гIерта уьш. ХIокху шарахь дуьххьарлера, цу тайпа цхьанакхетар хилира масех де хьалха. Оцу гIуллакхана хьалхаваьлла лелаш ву Аслаханов Марат. Цо вовшахтоьхнера журналистийн а, Iедалхойн а, меттигерачу бахархойн а цхьа йоккха тоба. Макажахь цхьанакхетар дIадаьхьира цара.
Хьажа кхин дIа а