Нохчийчохь жигара дIахьуш ю, низамаш а дохош болх беш хилла йолу кафеш а , туьканаш а дIакъовлар компани. ХIинцале цхьана Соьлж-гIалахь эзарнашкахь цу тайпа низамаш дохийнарш гучуяьхна.
Къилбаседа Кавказехь садоIу меттигаш яхка яккхийн планаш ю Оьрсийчоьнан Iедалийн. Иза маца хир ду хууш дац. Амма тахана Нохчийчу боьлхуш берш экстрим-туризм езархой бу.
Нохчийчохь лагI ца луш лаьтташ бу ларйоцуш байначу нахаца боьзна болу лазам. Iедалша далочу терахьашца 5 эзар сов стаг ву республикехь гергарчара лоьхуш. Церах дукхах берш байна бу ницкъаллийн структурийн белхахоша дIабигинчул тIаьхьа. Амма шай стаг вайна, аьлла, Iедале латкъам бан ца хIуьттуш дуккха а нах бу Нохчийчохь.
ВуьрхIитта шо долу жима стаг вийна Нохчийчохь, полицин белхахочо герз а тоьхна. ХIинца иза ларамаза хилла я, леррина дина зулам ду къастош бу талламхой. Хиллачо юха а карла яьккхина даиман а Нохчийчохь чолхе лаьтташ йолу герзаца йоьзна проблема.
Адамийн юкъаметтигаш кхето а, тида а охIла болчу Iилманчаша а, говзанчаша –эксперташа а къаро ян эшна а доцуш, къаьмнашна юкъахь дотIана-цакхетарш лоьлхуьйтуш, церан барт эгIош, царна харц тIеIаткъам беш, чекхдаьлла Оьрсийчохь тIаьххьара ткъех шо.
Цкъачуьнна, ткъе иттех даржхо ву балхара дIаваьккхинарг. Царна юккъахь Шелан кIоштара префект Закаев Эдуард а ву. Царна массарна а бехке дуьллуш ду, Iедалан латтанашца бозбуанчаллаш а лелийна, шайна пайда баккхарна. Сел дукха Iедалан белхахой цхьана меттахь дукха гулбаланза Нохчийчохь дукха хан яра.
Латтанаш низамехь а доцуш дΙасадекъар талла долийна Нохчийчохь. Тахана Соьлж-ГIалахь, масала, лаьттан цхьана декъах массех миллион сом доьху. Эца а оьций, бакъонехь доццушехь, дола а ца деш, тIьахьалонна олий латтадо наха латта .
ДIадаьллачу Iай массех некъан бохам хилла лаьмнашкарчу кIошташкахь. Белларш а, лазийнарш а бу. Дукхачу хьолехь уьш хуьлура лаьмнашкахь, ша зингатий санна, баьржина болу оьрсийн эскархой. Некъа тIехь машен, шершина, Iин чу яхана я тIекIалъялла меттигаш дукха а хуьлура.
Нохчийн гIиллакхаш, ламасташ лардан тIехьовсийна, йохучу гIулчашна юкъахь къоман духар лелор а тIедиллина Нохчийчура Iедалша цхьана рузбан дийнахь мукъа а. Масех шо ду оцу дийнахь маьждиге боьлхучу божарша шайн дайш лелийначух духар тIедуху. Цунах дика гIуллакх хила хIума тоьгучеран. Божарийн духар тоьгучу Соьлж-гIаларчу цхьана ательехь хилира Маршо радион корреспондент.
Нохчийчохь хIинцале даздан дуолийна Зударийн дуьненаюкъара де. Зударшна хестамаш бар совнаха, цхьацца концерташца а, спортан къйисадаларшца а билгалдоккхуш ду и де. Дуккха а зезагаш а ду Соьлж-гIалин урамашкахь.
Цу тайпа цамгарш йолчу нахана хаьжийна йолу дарбан хIусамаш гIаланашна а, яьрташна а йистошкахь йохкуш ду Iедал. ХIинца йиллинарг а ю Шела-гIалина йистехь. Болчу хаамца, 500 ца кхоччуш стаг тIеэца йиш хир ю цигахь.
Нохчийн низамхой Москох бигина, аьлла, хаам дуьххьара баьржира цхьа бутт сов хьалха. Иза гIардаькхинарг яра евзаш йолу блогер Рынска Божена. Дуьхьалонан акцешкахь дакъа лаьцна, аьлла, полицин декъе дIайигинчу цуьнга цигарчу полисхоша бина хилла и хаам.
Серноводская цIе йолxу газ тоьхначу дарбанхино дашо мидал яьккхина хIора шарахь Москох дIахьочу «Продэкспо» цIе йолчу дуьненаюкъарчу гайтамехь.
Къам дохийна де билгаладоккхуш доцу дикка хан ю. Хьалха даздеш а дацара оцу денца нислуш долу Даймехкан гIаралхочун де. Ткъа тахана иза ду Нохчийчохь Iедалша билгалдоккхуш. Делкъахенахь Соьлжа-гIалахь концертан хIусамехь республикан куьйгалхоша дIадаьхьира эскархошца цхьанакхетар. Царех лаьцна довха дешнаш бехира, гуттар а билгалбевллачарна совгIаташ а дийкъира.
Хьайбах – къеггина билгало ю ШолгIа Дуьненан ТIом боьдучу 1944-чу шарахь вайнахана тIебоьссина хиллачу бохамна. Берия Лаврентийн омарца, ломара охьа а биссийна, цIера бохучарах дIатухуш хьелур бу аьлла, Хьайбахехь божална чохь 700 сов стаг вагийнера НКВД-н белхахоша. Цу адамаллина дуьхьал динчу зуламах лаьцна деккъа цхьа жайна ду зорба тоьхнарг. Цуьнан авторех цхьаъ ву Гаев Саламат.
Нохчийчоьнан а, Дагестанан а низамхоша шина республикан дозанехь тIемалошна дуьхьал операци дIахьош йолу 5 де хан ю. Оцу юкъана, дIоггара жамIаш дац цигахь даьхна. Оцу хиламан тергоечара билгалдоккху, низамхойн дарийн терахь тIех лекха ду, бохуш.
Iожалхо хила Iама Соьлжа-гIала еанера аьлла, нохчийн низамхоша лаьцна хилла йолу Москохара оьрсийн йоI, Москохарчу талламахоша дIахецна, цуьнан цхьа а тайпа бехк къаста ца белла шайга, аьлла. И тайпа хаам шеконца тIеэцна Нохчийчохь.
Цхьа кIира хьалха сих-сиха Нохчийчу эха марзбеллачу оьрсийн националисташца республикерачу парламентехь цхьанакхетар хиллачу хенахь дагадеанера депутаташна, оьрсийн къам пачхьалкхан бух латтош долу къам ду аьлла, сацам тIеэца.
Сан термометро сийсара буьйсана, кор а тоьхна, ша буйсаяьккха чуйитар дийхира... Арахь мел шийла ю гойтуш долу и беламе хIума ду тахана Нохчийчохь лелаш. ТIедогIуш ло дац, амма цхьана кIирнахь кхин саца а ца соцуш деанарг а тоьаш ду.
Хьажа кхин дIа а